Мангал беттан кхоалг1ачу мокъадийнахь билгадаккха леринчу оцу дийнахь дан леринарг дийцаре дира Итон-Кхаьллахь д1адаьхьначу цхьаьнакхетарехь. Кхузахь гулбеллера, рицкъан белхаш бахьнехь 1ер-дахар кхечанхьа делахь а, схьабовлар вайн махкара долу бахархой.
– Шайн дай баьхначу меттигашца гергарло цахадорна, кху махкана сагатдарна, диканиг лаарна, шаьш ох1ла доллучул кхуьнан тойнехь дакъалаца 1алашо йолуш кхуза хьаладахкарна шуна а, цхьацца аьтто ца нисбелла, ван лаам болуш висинчунна а Дела реза хуьлда.
– Тахана вайн цхьаьнакхетаран 1алашо йу, к1оштан денна лерина тахане кхочуш бина кечам бовзийтар, кхачамбацарш делахь, уьш д1адахар, шух дагадовлар, шун лаамашка ладог1ар, пайде дерг кху г1уллакхна йуккъедиллар. Со тешна ву, вай д1адолийна г1уллакх беркате хирг хиларх, цу гуламан коьрта 1алашо – вайн дайн хилла гергарлонаш, г1иллакхаш карладахар, вайн кегийрхоша къаношкара схьаэцна хьаша-да т1еэцаран, лараран г1иллакх дендар, х1усамнаноша къоман кхача кечбаран, хьалха билларан г1иллакх карладаккхар.
Дуьххьара вай билгалйаккхина и дезде д1адахьаран меттиг – Ширачу Итон-Кхаьлларчу сада1аран бешахь вайн х1ора а йуьртан ц1арах д1ах1иттийна четарш хир ду, схьавеанчунна ша мича ваха веза хуур ду, иза ларамаза, тидамза вуьсур вац. Бешахь спортивни къовсадарш д1адахьа а, берашна синкъераме долу ловзарш гайтаран а меттигаш хир йу. Иштта хир бу тайп-тайпана гайтамаш – куьйгаговзаллин, сурсатийн, суьртийн, кхачанийн, духарийн. Хууш ма-хиллара, муьлххачу а дезачу дийнан садоллу меттиг йу – илли алар, йиш лакхар, хелхарш дар. Цу балхана билгалйина меттиг йу, сцена а, кирх1а а долуш, вуьшта, шайн куьйгалхочуьнца цхьана цу г1уллакхна ох1ла болуш вайн алссам кегийрхой а бу.
Итон-Кхаьллан к1оштан 99 шо кхачарна лерина дезде вовшахтохаран а, иза д1адахьаран а г1уллакхехь вайн тидамза цхьа а к1езиг-дукха х1ума диса йиш йац – х1ора а хьешана леринчу г1ант-1айг-м1ерана т1ера кхача кечбан оьшучу хи-ц1арна т1екхаччалц. Оцу жоьпаллин г1уллакхна ладам боллуш кечамбарна гулбеллачара доккха баркалла олуш д1адирзира цхьаьнакхетар. Дала т1аьхье беркате йолуш, вешан мохк хаза кхион аьтто бойла вайн

17 мая, 2022
admin
Опубликовано в рубрике 









